Загрузка...

«Нохчийн меттан говзанча» конкурсан финал

«Нохчийн меттан институтехь» дIайаьхьира Нохчийн Республикин йукъардешаран хьукматийн 8-11-чуй классашкарчу дешархошна а, йуккъерчу говзаллин дешаран студентшна а, лаккхарчу дешаран студенташна а йукъахь «Нохчийн меттан говзанча» конкурсан финал. Кху конкурсехь дакъа лоцуш вара ши эзар гергга дешархо. Царах Республикин этапе ваьлларг 5I декъашхо вара. Ткъа финале кхаьчнарг 9 дешархо. Къовсамхоша гайтира шайн байташ йешарехь а, царна анализ йарехь а йолу говзаллаш. Иштта, шайна йеллачу темица литературин маттахь тексташ хIитто хааран говзалла а гайтира цара. Цул сов, блиц-турнирехь Нохчийн Республикин исторех а, географех а, нохчийн маттах а, литературех а долчу хаттаршна чехка жоьпаш даларца шайн бIаьрла хаарш а гайтира дешархоша. Массо а зерах декъашхой чекхбевлачул тIаьхьа жамIаш дича толаман меттигаш кху тайпана билгалйевлира: Ишколийн категори: 1. Бетерсханова Хеда – МХЬ «Хьалха-Мартан муниципальни кIоштан Дешаран отдел» «Олхазар-КIотаран №2 йолчу ЙЙИ» 11-чу классан дешархо; 2. Мальцагова Эльза – Соьлжа-ГIалин Мэрин Дешаран Департаментан Соьлжа-ГIалин МБДХЬ «Соьлжа-ГIалин №4 йолчу гимназин» 9-чу классан дешархо; 3. Абдулханова Лиана – МХЬ «Гуьмсан муниципальни кIоштан Дешаран урхаллин» МБДХЬ «А.А.Кадыровн цIарах йолчу Керла-Бенара ЙЙИ» 11-чу классан дешархо. ЙГД-н категори: 1. Нагаева Ясмина – ПБГДХЬ «Нохчийн пачхьалкхан экономикин колледжан» студентка; 2. Абубакарова Лолита – ПБГДХЬ «Соьлжа-ГIалин хьехархойн колледжан» студентка; 3. Товсултанова Амина – ПБГДХЬ «Эна-Хишкара пачхьалкхан колледжан» студентка; ВУЗан категори: 1. Питалова Мадина – ЛД ФПБДХЬ «А.А. Кадыровн цIарах йолчу Нохчийн пачхьалкхан университетан» 2-чу курсан магистрантка 2. Висаитова Линда – ЛД ФПБДХЬ «А.А. Кадыровн цIарах йолчу Нохчийн пачхьалкхан университетан» 3-чу курсан студентка 3. Хатуев Iумар – ЛДД БДЦ «Кунта-Хьаьжин цIарахчу РИУ» 2-чу курсан студент. Конкурсан коьрта задачаш йара: нохчийн мотт Iаморна шовкъ лакхайаккхар, дешархошна йукъахь дика хууш верг билгалваккхар а, царна гIо дар а, иштта, нохчийн мотт Iамор коьрта декхар дуй хаийтар а. Конкурс дIайаьхьнарг йара «Нохчийн меттан институт» а, «Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министерство» а. Дала тIаьхье беркате йойла массеран а! ©️ Нохчийн меттан институт

Видео «Нохчийн меттан говзанча» конкурсан финал автора ГКУ "ИНСТИТУТ ЧЕЧЕНСКОГО ЯЗЫКА"
Страницу в закладки Мои закладки
Все заметки Новая заметка Страницу в заметки