Загрузка страницы

Сурат ан-Нас

114-гIа сурат

«ан-Нас» («Адамаш»)

(Маккахь я Меднахь доссийна, ялх аят ду)

Къинхетамечу, Къинхетам бечу АллахIан цIарца.

1. Ала: «ГIо лоьху аса адамийн Элехь,

2. Адамийн Паччахьехь,

3. Адамийн Делехь,

4. Зуламе ойланаш а туьйсуш, [АллахI хьахочу хенахь] къайладолучуьнан вонах ларвала

5. Адамийн дегнаш тIе хIус дечу,

6. Жинех а, адамех а долучу».
_________

ХIокху суратехь бусалбанашка деш омра ду: шайн Элехь, Паччахьехь, массо а адамийн Делехь шайтIанах ларбалар лахар - доллучу а вонан да долучу. Вониг хаздо цо нахана, церан дегнаш тIе хIус до цо, церан бIаьргашлахь вониг а, сакхт а хаздеш, царна и хазачу суьртехь а гойтуш, и дайта церан лаам карзах а боккхуш. Иштта диканиг дан а йо цо новкъарло адамашна, и (диканиг) кхечу суьртехь а гойтуш. ШайтIа хаддаза ду оцу хьолехь лаьтташ, адамашна вониг марздан церан дегнашна чу зуламе ойланаш а туьйсуш. Делахь а, юхадолуш а, къайла долуш а ду иза - лайно шен Дела хьахочу хенахь а, цо Цуьнгара гIо доьхучу хенахь а, оцу мостагIчуьнца болучу шен къийсамехь.

Цундела гIо а, доладар лахар а тIехь ду вайна адамашна а, иштта кхечу массо а кхолламашна а тIехь волучу Элехь - уьш Шен Iедална кIел болучу, уьш Шена гIуллакх дайтаран дуьхьа кхоьллина волучу. Дика тIаьхьало гур яц нахана шайн мостагIчух (шайтIанах) шаьш кIелхьара бовллалц - уьш массо а диканах дIахадо а, царна юкъахIотта а хьаьгна долучу, уьш шен тобане берзо гIерташ долучу, ша санна уьш а хилийта жоьжагIатехь.

Дагахь хила деза: деккъа цхьана шайтIанера хилла Iаш цахилар, хазъеш, дагчу туьйсучу зуламечу ойланашца Iаткъам бар, иштта адамийн Iаткъамна кIел нисвала а тарлуш ду. Цундела Сийлахь-Везачо аьлла: «Жинех а, адамех а долучу».

Видео Сурат ан-Нас канала Islaman serlo
Показать
Комментарии отсутствуют
Введите заголовок:

Введите адрес ссылки:

Введите адрес видео с YouTube:

Зарегистрируйтесь или войдите с
Информация о видео
20 апреля 2010 г. 9:36:28
00:03:03
Другие видео канала
Сура АЛЬ-БАКАРА (СУРА КОРОВА) ОТ СГЛАЗА,ОТ ПОРЧИ, ДЛЯ ОЧИЩЕНИЯ ДОМАСура АЛЬ-БАКАРА (СУРА КОРОВА) ОТ СГЛАЗА,ОТ ПОРЧИ, ДЛЯ ОЧИЩЕНИЯ ДОМАСура Ан-Нас سورة الناس (روسى)Сура Ан-Нас سورة الناس (روسى)CУРА «АЛЬ-КАХФ» ЗАЩИЩАЕТ ОТ ВСЕГО ПЛОХОГО В ЖИЗНИ, АЛЛАХ ДАЕТ ЗАЩИТА И ПОМОЩЬ! Əl-Kəhf surəsiCУРА «АЛЬ-КАХФ» ЗАЩИЩАЕТ ОТ ВСЕГО ПЛОХОГО В ЖИЗНИ, АЛЛАХ ДАЕТ ЗАЩИТА И ПОМОЩЬ! Əl-Kəhf surəsiCурат ал-ИхласCурат ал-ИхласSurat Al Tawba Maher Al Muaiqly سورة التوبة ماهر المعيقليSurat Al Tawba Maher Al Muaiqly سورة التوبة ماهر المعيقلي7× Fatiha 7× Ayetel Kürsi 7× Kafirun 7× İhlas 7× Felak 7× Nas Rukye7× Fatiha 7× Ayetel Kürsi 7× Kafirun 7× İhlas 7× Felak 7× Nas RukyeАттахиятАттахиятСуре Ел ФатихаСуре Ел ФатихаСуры Аль Ихляс, Аль Фалякъ, Ан Нас и Аятуль Курси по три разаСуры Аль Ихляс, Аль Фалякъ, Ан Нас и Аятуль Курси по три разаSurah 02 - Al Baqarah Mishary Rashid AlafasySurah 02 - Al Baqarah Mishary Rashid AlafasyСура Аль-Фалак, 10 раз красиво читает шейх Мишари Рашид | Surah Al-Falaq, Mishari Rashid, 10 timesСура Аль-Фалак, 10 раз красиво читает шейх Мишари Рашид | Surah Al-Falaq, Mishari Rashid, 10 timesПолный Коран в исполнении Мишари Рашид Аль-Афаси 3-1Полный Коран в исполнении Мишари Рашид Аль-Афаси 3-1Учим суру "АН-НАС" | Молитвы, читаемые в НамазеУчим суру "АН-НАС" | Молитвы, читаемые в НамазеMishary Alafasy: Sura Al-Falaq: Recited 100 TimesMishary Alafasy: Sura Al-Falaq: Recited 100 TimesСура Аль-Фалак سورة الفلق ( روسى )Сура Аль-Фалак سورة الفلق ( روسى )Эффективная Рукья, От проблемы и болезней, Аль Фатиха, Аль Курси, Аль Ихлас, Аль Фалак, Ан НасЭффективная Рукья, От проблемы и болезней, Аль Фатиха, Аль Курси, Аль Ихлас, Аль Фалак, Ан НасУроки из Суры Ан-Нас (Люди) 1 часть | Нуман Али ХанУроки из Суры Ан-Нас (Люди) 1 часть | Нуман Али ХанСура-Албакара  (Корова).От порчи,сглаза,колдовства,завести,джиннов,болезней.0чищает дом.سورة البقرةСура-Албакара (Корова).От порчи,сглаза,колдовства,завести,джиннов,болезней.0чищает дом.سورة البقرةСура Ан-Нас 10 раз красиво читает шейх Мишари Рашид  Surah An-Nas Mishari Alafasy reciting 10 timesСура Ан-Нас 10 раз красиво читает шейх Мишари Рашид Surah An-Nas Mishari Alafasy reciting 10 times🙏Суры Аль Ихляс , Аль Фаляк, Ан Нас и Аятуль Курси по три раза🙏❤🙏Суры Аль Ихляс , Аль Фаляк, Ан Нас и Аятуль Курси по три раза🙏❤
Яндекс.Метрика