Загрузка страницы

Хабаев Исмаил | Нохчийчоь

Орцанна жоп доцуш дисинчу маьхьарех эхь хетар дара суна, ⠀⠀⠀
⠀⠀⠀
Бекхамна ка йоьхна, вашас лайначу гIелонах эхь хетар дара суна, ⠀⠀⠀
⠀⠀⠀
Аганахь хинболу турпала къонахий техкийначу наноша
йиначу семачу набарах эхь хетар дара суна, ⠀⠀⠀
⠀⠀⠀
Кошаза вайначу кIанте ладоьгIучу ненан сатийсамах эхь хетар дара суна, ⠀⠀⠀
⠀⠀⠀
ВорхI вешин йишин тIамо дохийначу дозаллах эхь хетар дара суна, ⠀⠀⠀
⠀⠀⠀
Тхайна кху дуьненчохь корта айббина дIалела бакъо йоккхуш эгначу вежаршна доьгIначу хIолламех эхь хетар дара суна, ⠀⠀⠀
⠀⠀⠀
ТIулгийн маттахь бен
ясталур йоцчу хьан лазаман къайленах эхь хетар дара суна,
Нохчийчоь, ⠀⠀⠀
⠀⠀⠀
Хьан доь дайъа гIиртинчу мостагIчунна къинтIера а ваьлла,
хьох кхидIа воккхавеван а,
хьан латта тIехь коше догдаха а,
хьан ломахь карочу синтемах ирсъэца а,
суо хьан цIеначу хIух ву баха а... ⠀⠀⠀
⠀⠀⠀
Нохчийчохь вахарал деза ду суна -
Нохчийчоь сайна чохь яхар. ⠀⠀⠀
⠀⠀⠀
[Слова Исмаила Хабаева]

Видео Хабаев Исмаил | Нохчийчоь канала Men Adamov
Показать
Комментарии отсутствуют
Введите заголовок:

Введите адрес ссылки:

Введите адрес видео с YouTube:

Зарегистрируйтесь или войдите с
Информация о видео
29 декабря 2017 г. 20:05:02
00:00:58
Яндекс.Метрика