Загрузка страницы

Bisoltan Apti - Pen

Дезткъе уьссалгIачу шарахь,
Дуьххьара пен бохабинначохь,
Цкъа мацахлерачу сарахь,
Дуьххьара вай вовшийн гинначохь.

Оьгучу каштанийн трансехь,
Ас хIора шах-тата тиддал,
Дозанах хиллачу станцехь
Дика го Берлинан стигал.

Немцочо кIайн нускал санна,
Сайн цхьалла пхьаьрсах а тесна,
ТIехь йоцчу Rechnung-ах санна,
ГIайгIанах къаста сатесна.

Со тховса веъна кху метте,
Хетарна, даима санна,
Пен бохабиначу меттехь,
Нохчийчохь со волуш санна.

© Бисолтан Апти, Берлин 2014

Видео Bisoltan Apti - Pen канала Mansur Isi
Показать
Комментарии отсутствуют
Введите заголовок:

Введите адрес ссылки:

Введите адрес видео с YouTube:

Зарегистрируйтесь или войдите с
Информация о видео
22 ноября 2020 г. 4:48:43
00:00:58
Яндекс.Метрика