Загрузка страницы

ШОИП | ХЬЕХАМ

Делан къинхетаме дог а дохуш, цуьнан Iазапах кхера а кхоьруш, хьоьгара мел даккхий къинош девллехь а Дала гечдийр дац алий къинхетамах дог ма дилла ахь. Дала боху хьо дохко валахь хьан къинош дIа а даьхна, церан метта диканиг яздийр ду хьуна. Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) боху: «Къиношна тоба динарг – къа ца латийнарг санна ву». Юнус пайхамар (Делера салам хуьлда цунна) чIеран кийра ваханчу хенахь цо Деле тоба дира: «ЛаилахIа илла анта субхьанака инний кунту миназзолимийн». Дала иза цу балех хьалхаваьккхира. Иштта Дала хьалха бохур бу бусалба нах и аят доьшуш болу. ИбрахIим пайхамар (Делера салам хуьлда цунна) Намруз паччахьо цIерга кхоьссича ИбрахIима аьллера: «Хьасби яллохIу ва ниIмал вакийл». Дала цу цIеран балех хьалха ваьккхира иза. Иштта цIена шайн болх Деле буьллуш болу нах Дала массо балех хьалхабохур бу.
АллахI Хьо воцург кхин дела вац, Хьо со кхобуш верг ву, со Хьан лай ву, Хьан чIагIонна тIехь ву со, сайн ницкъ ма-кхоччу Ахь бохург деш ву со, Хьоьца ларло со вонех ас дина долчу, со къера ву хьуна Ахь суна делла ниIматашна, со къера ву хьуна сайн къина, гечдехьа суна сан къиношна, къиношна гечдеш верг вац Хьо бен.
#шоип #шоиптутаев #хьехам

Видео ШОИП | ХЬЕХАМ канала al.iman_shishani
Показать
Комментарии отсутствуют
Введите заголовок:

Введите адрес ссылки:

Введите адрес видео с YouTube:

Зарегистрируйтесь или войдите с
Информация о видео
27 ноября 2019 г. 21:36:38
00:09:59
Яндекс.Метрика