Загрузка страницы

"Захало", Махмудов 1ийсан байт

Бузучу малхаца серло а къевсина,
Урам а къагийна, хьо йог1уш яйча,
Сан дог ахь лецира, доккхуш хьайн дола
Ахь атта даьккхира сан деган дог1а.

Ког байбеш, чехка, хьоьца нисвелла,
Ас хьоьга хаьттира: « мегар дуй йовза?
Цхьанге а ца дийца лачкъийнарг довза?
Ахь ечу ойланийн хелхарехь хьовза?

Б1аьрга чохь дог дешшал со а вац говза,
Чуверза лур вац со, ца йовзахь тховса»
Ахь элира: « ю хьуна ц1ена дог дезна,
Мел боккхучу когаца диканиг лехна

Массо а до1анца Деле ирс даьхна.
Хьо лоьхуш хиндолу б1аьргаш ган хаьгна.
Хьайн сий а лардина са дала кийча
Хьайн амал ца тайнехь хьайн некъ ма леца

Лууш яц хьо дешнаш хилийта эрна».
Ахь х1ора дашца со говза лецира
Хьо гича сецна б1аьрг хьайха а буьзира
Сан ойла, з1ара деш, дозаллех юьйцира,

Хьо сацош ала дош со леха вуьйлира:
«Ден-ненан хьехарех пайда эцна ву хьуна,
Массо йо1 йиша санна лерина ву хьуна,
Со айса хестор, соьгахь и дац хьуна,

Ас хьоьга доьхуш дерг цхьа дош ду хьуна,
Дог маьрша ду алий со ирсе вехьа!
Хьайна вай довзарех ца хилахь эшам
Хилийта вайшинна беккъа цхьа тешам».
Хьан ела яларо ягийра шеко,
Бух боцуш яйира деган т1ера шело.

Иса Махмудов

Видео "Захало", Махмудов 1ийсан байт канала ZMMSCREEN EUROCHECHENS
Показать
Комментарии отсутствуют
Введите заголовок:

Введите адрес ссылки:

Введите адрес видео с YouTube:

Зарегистрируйтесь или войдите с
Информация о видео
15 декабря 2016 г. 0:50:17
00:02:01
Другие видео канала
Паччахьи къонахчуьни хиллачу къамелях лаьцна дийцарПаччахьи къонахчуьни хиллачу къамелях лаьцна дийцарМахмудов 1ийсан байт  "Лайлахь Лар" eurochechens.comМахмудов 1ийсан байт "Лайлахь Лар" eurochechens.comАпти Бисултанов-ЦаевзаргАпти Бисултанов-ЦаевзаргУдивительная история про двух друзей чеченцев | нохчийн хаз г1иллакхашУдивительная история про двух друзей чеченцев | нохчийн хаз г1иллакхашОбращение к Кадырову || Жена Анзора.Обращение к Кадырову || Жена Анзора.Алахьа доттаг1а.(I&S Studio)Алахьа доттаг1а.(I&S Studio)Хьан бlаьргаш хаза ду...Хьан бlаьргаш хаза ду...В Австрии пройдет закрытый показ фильма "Эхо выстрела" 29.07.17В Австрии пройдет закрытый показ фильма "Эхо выстрела" 29.07.17Хьехам Захло телефон общенишХьехам Захло телефон общенишБисултанов Апти , Дег1аста . ( видео с Нашха)Бисултанов Апти , Дег1аста . ( видео с Нашха)Умар Хехоев | шина доттагIчунах лаьцна дийцарУмар Хехоев | шина доттагIчунах лаьцна дийцарПесня Реально доводящая до слез. Со елхина безам бу хьоПесня Реально доводящая до слез. Со елхина безам бу хьоСаьнгашах лаьцна дийцарСаьнгашах лаьцна дийцарЗуда ялоран бехкамаш - Кагерманов Шейх-АхьмадЗуда ялоран бехкамаш - Кагерманов Шейх-АхьмадУмар Димаев "Танец Махмуда Эсамбаева" в исполнении Амарбека ДимаеваУмар Димаев "Танец Махмуда Эсамбаева" в исполнении Амарбека ДимаеваНОХЧИЙН ХАЗА ИЛЛЕШ (12-й выпуск) Урус-МартанНОХЧИЙН ХАЗА ИЛЛЕШ (12-й выпуск) Урус-МартанЕСЛИ УСЛЫШАВ ЭТУ ПЕСНЮ НИЧЕГО НЕ ДРОГНУЛО, ЗНАЧИТ ТЫ НЕ ВАЙНАХ!!!ЕСЛИ УСЛЫШАВ ЭТУ ПЕСНЮ НИЧЕГО НЕ ДРОГНУЛО, ЗНАЧИТ ТЫ НЕ ВАЙНАХ!!!Лехамаш. Холхазан куй лелор доккха жоьпалла дуЛехамаш. Холхазан куй лелор доккха жоьпалла ду2020🌟🎶ЧЕЧЕНСКАЯ ПЕСНЯ ХЬАН ХАЗАХЕТАР  МАРИНА АЙДАЕВА2020🌟🎶ЧЕЧЕНСКАЯ ПЕСНЯ ХЬАН ХАЗАХЕТАР МАРИНА АЙДАЕВАРашидов Iумаран иллеш . Дала декъал войла хьо !Рашидов Iумаран иллеш . Дала декъал войла хьо !
Яндекс.Метрика