Загрузка страницы

Exclusive_Алиев ГIапур_Ойла яра_"АМАТАШ"

АЛИЕВ Г1АПУР

Ойла яра, ойла яра -- ахьий, асий йина ойла,
Ахьа айххьа, аса айсса ца оьшшучохь йина г1айг1а.
Некъаш дара, некъаш дара сан даг т1ера генна доьлхуш,
Геннахула гуо а тосий, со -- суо сайца девне вохуш..

Ойла йина, ойла йина, йина ойла к1ордайина,
Ца оьшшучохь айхьа йина г1айг1а суна сайнна йитна,
Сан даг т1ера некъаш хедош, ахь кхечанхьа некъаш дехки,
Суна гонах гуо а туьйсуш, сан ойланаш акхаехи..

Суна езаш, хьуна везаш, вайшимма цхьа зама яьхьи,
К1ордош, к1ордош, ца к1ордошшехь, хьуний, суний вовшийн к1орди.
Маржа-я1, хьо ирсе зама, сох ца кхеташ хьо чекхйели,
Геннахула гуо а туьйсуш, сан туьйранаш лела диси..

Суна хьох а, хьуна сох а даккхий, дезий хабарш хези,
Вайшимма мел дийцинчух а хьуний, суний дийцарш диси,
Цкъа мацца а вог1уш вайчи со вовззал бен хьо ца йиси,
Хьуна гонах гуо тийсинчу сан ойланех туьйра хили..

Ойла яра, ойла яра -- ахьий, асий йина ойла,
Ахьа айххьа, аса айсса ца оьшшучохь йина г1айг1а.
Некъаш дара, некъаш дара сан даг т1ера генна доьлхуш,
Геннахула гуо а туьйсуш, со -- суо сайца девне вохуш..

Видео Exclusive_Алиев ГIапур_Ойла яра_"АМАТАШ" канала NAZMA STUDIO
Показать
Комментарии отсутствуют
Введите заголовок:

Введите адрес ссылки:

Введите адрес видео с YouTube:

Зарегистрируйтесь или войдите с
Информация о видео
26 февраля 2014 г. 1:12:06
00:04:42
Яндекс.Метрика