Загрузка страницы

Isa Esambaev - Ya Allah

Вай Дели дики лай Мухьаммад хилла,
Вай Дала техь дукху и везна хилла,
И везар вайна тедиллина хилла,
И везар марздехьа йа Аллах1 Дели.

Вай Дала Элчане шари1ат делла,
Элчано шари1ат кхейкхина хилла,
Шари1ат лилийнарш Элчана безна,
И лелор марздехьа йа Аллах1 Дели.
2 куп
Хьан дег1ал сил дукха Элчи везар харжи ахь
Элчи везар марзонах хьай кийра бузи ахь
Цуьнци има диллина Элчи лар ва х1оттир хьо
Дела рези хил хьуна Абу Бакр ас-Сиддикъ.

Дай нани д1аделла Элчи цхьалха виссичи
Ше шичоша маьхчоша и ве лаца хьовзичи
Хьай туьраца и лар веш Элчи ларва х1оттир хьо
Дела ревзм хил хьуна Абу Бакр ас-Сиддикъ.
3куп
Керистано го бина Элчи юккъахь висичи
Деха вола ва аьлла Делер омру хилчи
Цуьнци 1еха вахана Элчи ларва х1оттир хьо
Дела рези хил хьуна Абу Бакр ас-Сиддикъ.

Ахь вай Деле велха во
-ахь вай Деле тижа во
-Деле наь1ре х1итта во
-цун хазрате х1итта во
-ловзо дезаш зикру ду
-тахко дезаш зикру ду
-Дала лойла хьо ловзар
-Дала лойла хьо техкор
-моссу меже ловза еш
-моссу меже техка еш
-кирар 1осул йоха еш
-меттир долуш зикру ду
-ловзинчун бен довзир дац
-тахкинчун бен довзир дац
-Дала лойла хьо ловзар
-Дала лойла хьо техкор

Тха лелар, тха дахар беркате дехьа,
Са долуш атта дей именехь дехьа,
Лаилахьа иллаллахь техьар дош де хьа,
Къинхетам ахь белахь йа Аллах1 Дели.

Видео Isa Esambaev - Ya Allah канала Isa Esambaev
Показать
Комментарии отсутствуют
Введите заголовок:

Введите адрес ссылки:

Введите адрес видео с YouTube:

Зарегистрируйтесь или войдите с
Информация о видео
11 января 2019 г. 0:24:23
00:06:01
Яндекс.Метрика