Загрузка страницы

Ваха АХМАТХАНОВ - Даймехкан Некъашца

ДАЙМЕХКАН НЕКЪАШЦА

Бераллехь волий со воьдура лома,
Вуьйлура лекхачу аьрцнашна буьххье,
Вала дог догIура аьрзунах тIома,
Геналле хьоьжура, тIулга тIе хIуттий.

Мелачу мохо со хьостура хийла,
Даймехкан сурт хIоттош бай тIе лахлора,
БIаьрго схьа ма-лоццу геналлехь сийна,
Хьалха цкъа ца гина меттигаш гора.

Моьттура, цу меттехь тухуш ду доза
Дуьненна, кхин ян яц гIаланаш, ярташ,
ГIертара Iаламан къайленаш йовза,
Зезагаш лехьадеш, дохура барташ.

Тахана воьду со лекхачу лома,
Бералла-м яьлла дIа мела а гена,
Ирсечу дахаре хьежарца къоман,
Даймехкан некъашца ваьлла со лела.

Шаид РАШИДОВ

Видео Ваха АХМАТХАНОВ - Даймехкан Некъашца канала neqaho
Показать
Комментарии отсутствуют
Введите заголовок:

Введите адрес ссылки:

Введите адрес видео с YouTube:

Зарегистрируйтесь или войдите с
Информация о видео
13 ноября 2011 г. 14:54:02
00:04:15
Яндекс.Метрика