Загрузка страницы

КЪОНАХЧУН ХЬЕСАПАХ ДОШ !

УГГАРЕ ХАЛАНИГ ЛЕРИНА НОХЧАША КХУ ДУЬНЕНЧОХЬ,КЪОНАХА А ХИЛЛА ЧЕКХ ВАЛАРЦА ДЕРГ !

Къонаха хилалуш вац ,мотт шера хиларах.
Къонаха хилалуш вац ,дешна стаг хиларах.
Къонаха хилалуш вац ,леташ йа майра хиларах.
Къонаха хилалуш вац ,шен Да дика стаг хиларах.
Къонаха хилалуш вац ,доккхачу даржехь хиларах.
Къонаха хилалуш вац ,шен тайпа тоьлла хиларах.
Къонаха хилалуш вац ,паспортт1ехь Нохчо хиларах
Къонаха хилалуш вац ,Дас-Нанас шайниг ву бахарах.
Къонаха хилалуш вац ,дег1ана онда зоьртала хиларах.
Къонаха хилалуш вац ,шен доьзалан ирсах тоам барах.
Къонаха хилалуш вац ,даьхний,хьал,нахарташ- (ахча туркойн дош ду),стеган дукха хиларах.

Ийман,Г1иллакх,Собар,Тешам,Комаьршо,Оьздалла,Доьналла,Къинхетам,Яхь,Сий,Ларам,Марзо,олу б1ог1ий цу стеган ц1ийца,дег1аца дахаран аматехь гуш дацахь,стагах цкъа а Къонаха хилла Дуьне дац х1ара,Нохчийн б1аргашчохь !

Къонаха хила атта делахьара,ледара а,саьхьара а,эхь доцу а ,еса тодакхаш к1езга хира яра кху дуьненчохь.

Бакъ йолу вайн Къонахчалла гуча йолуш ю,халуо т1ех1оьттинчу меттехь.Г1ийлачуьнга хьажарехь.Арара чувеанчу мостаг1чунна доьхьала х1оттарехь,бехказлонна деса хабаршца юьстаха а ца волуш.Коьртачех лаьрра вайн Дайша ,Къонахчун шен Са долуш а забар ян Доьналла кхачарца,шегарчу хьоланна ша ца вуохар гойтуш,шена т1ех1иттиначарна шайгаран баала байбеш.

Х1ара вайн къоман лаккхарчу Кхетаман киртигаш йоьвзаш а яц кху писс доьллачу Дуьненан къаьмнашна .Цундера х1ара вайн Сийлахьа хаза долу баххаш лардар т1ехь ду массо а К1антанна,Йо1анна къаьсттина вайн орамаш цоьстуш вайн мостаг1аша вай малдинчу кху т1аьхьарчу заманахь !!!
Г1о-Орца массаргара а оьшу ,кхунна декхар вай массо а цхьатерра хиларе санна...

Лерамца Аьрсбин Абу-Бакр 01.01.18 шо :

Видео КЪОНАХЧУН ХЬЕСАПАХ ДОШ ! канала ŐRDIN NAHAR
Показать
Комментарии отсутствуют
Введите заголовок:

Введите адрес ссылки:

Введите адрес видео с YouTube:

Зарегистрируйтесь или войдите с
Информация о видео
9 января 2018 г. 2:12:54
00:03:34
Яндекс.Метрика