Загрузка страницы

САМУОНАН ИЭСЕ.(к пробуждению памяти) Аьрсбин Абу-Бакр

Самуонан Иэсе.
1
Дависа маржа-я1, яхахь хьо х1ай Нохчийн кхиэтаман, к1оргаллийн назма.
Хьоьх хиэдаш лаьтта хьан,т1екхуьучу т1ахьиэнийн, хадийна марзонан г1айг1а.
Хьоьца Са къералуш, х1оттийна тобанна, гуллуш яц дустаран кхиоран рузма.
Эзарнаш шерашкахь, б1аьвнашкахь ларйинчу ,кхиэтаман 1уьналлийн мазлаг1а.
2
Д1алистахь схьаахкахь схьагулдеш, Дайх дисна беркатиэ и дерзон дарба.
Бузийша аша соьца, мах боцу орамаш, толлучу иччархойн мог1а.
Хоттийша шайн хьашташ,Нохчалла ларйечийн, тобанца дихкина къилба.
Довлийша орцаха , 1алащдан, вайн иэсан и иэхьан т1орказан дог1а.
3
Лардейша х1ай К1ентий, шаьш делахь даггара,шайн къоман Сий долуш лоруш.
Йа лаахь т1аьхьенаш, йиссарна Иманца ,йахчийна ирсаца декъала яха.
Яхь йолуш,иэхь долуш,бехк болуш,оьздалла вовшашца лардина кхобуш.
Ларбейша Ненан мотт,дахарах чекхдовлуш, шайн кхетам айъина дааха.
4
Схьаиэцахь д1аяздиэ, хьайн Ден Дас гулйина, оьмарехь дашуо и Хазна.
И йоьдуш ю хьуна , Дадийца ног етташ ,денна а Барзахиэ генна ша лахьтийчу д1а.
Жех тилла ког г1ийла, баьхьна цу барзуо и г1орасиз 1ахара санна.
Саьхьарчу Дуьненахь, т1аккха вай кхочур дац, лензаллин декъалиэ д1а.
5
Цкъа мацах сатуьссуш, цу деган къайлене, йиллина хьайн ц1енан уойла.
Цу шеддех схьайастий, даккхалахь цу чуьра, беркатан нуьре исс Джовхар.
Эзарнийн шерашкахь ,вайн Синош дахчуочу ,Туоламан майдант1е довла.
Д1ах1оттуо Нохчаша ,Маршонан къийсамехь ,сатуьссу Нийсонан дахар.
6
Хьо цкъа а вер велахь самавала, диэхар ду сан хьоьга х1ай Нохчийн К1ант.
И дог хьан ца деллехь, ша шена чекхдохуш, стогаллийн Яхь йолуш ц1ий.
Хьо цкъа а йер елахь самайалахб, дехар ду сан хьоьга хьомсаран Йиша.
Бедакхаш цхьанне а заманчохь лардина, дац шуна цу Къонахийн Сий.
7
Самуо ю оьшуш ерг, ишттачу кханенна ,г1оттун ерг коьртаниг меже.
Тхьовсийна 1уьллучу ,г1енашкахь тилийна ,1иэхочу юрг1анах йоккхуш.
Екхаллехь йажийна,есачу б1арлаг1ех, йузийна тилийна Марг1алан з1е.
Кхетаман б1ов денъеш,Къонаха оьзда верг,Толамца вайн коьрте воккхуш.
8
Букъ кагбеш Йилбазан, шен к1орнеш мостаг1ий, орамаш баххашца хиэдуо.
Вайн Нанойн,буоберийн,Бусалбан Умматан та1ийна и дегнаш г1иттуо.
Вайн Элча дозаллехь, воккхавеш Махьшаран Майданахь, б1аьрг ирсиэ виэлуо.
Даймахкахь х1оттийна, бакъонан вайн дахар,Дуьниэнна серлуонца даржуо.

Аьрсбин Абу-Бакр.12-02-2014 шо:Чиллана бутт-Балабоссаран бутт.
(х1ара болх вайн турпалан Къонахчунна, Яндарбин Зелимхана лераманна ц1е тухуш язбина бу.)
Дошам -Словарь :
Рузма /ю/–календарь.
Мазлаг1а /бу/–пасека.
Иччархо /ву/-- охотник,снайпер.
Къилба /ду/– направление.
Т1орказ /ду/--сундук.
Иэс /ду/--память.
Йахчийна –ч1агйина бохучу маь1анехь.
Оьмар /ю/-век,жизненное время человека.
Хазна /ю/-казна,богатство.
Ног етташ—небыстрыми шагами.
Лензаллиэ /ю/--бессмертие в вечной жизни.
Биэдакхаш /ю/--пустые безразличные,манкурты.
Екхалла /ю/ -- обезжирение,упадок сил.
Б1арлаг1ех йузийна –вскормлённый призраками.
Тилийна /ву,ю,ду/-Обманом.
Марг1ал /ю./-- История.
\\\\\\\\\\\\
ЛЕРАМЕ НОХЧИЙН КЪАМ, х1ара канал вайн г1елбинчу Кхетаманна сагатдеш схьадиллина ду шуна. Шор х1унда ца до аша х1ара ? ШАЙН ВОШАЛЛИН БЕЛШ Х1ОТТАЙЕ ! Т1ейазлойла кхунна массо а вайн къомах дог мел лозуш верг.Косташ (коменташ) язде шайна гучех,хетачех,дезачех, ца дезачех, лайк олург горгали тоха ,хьала ойъуш лаккхачу т1ег1ане даккха дезаш канал а, болх а ма бу кхучохь вай беш берг.Къоман Къонахчалла, Доьналла, Сий, Яхь, Кхетам, Мотт, Бух ларбан 1алашо йолуш болх бу х1ара.Аллах1-Дала сама дохийла вай Нийсонца, Нохчаллин Самуонца...

ВАЙН КАНАЛАННА Г1О ДАР.( ПОДДЕРЖКА КАНАЛА.) Paypal
https://www.paypal.com/donate/?hosted......
***
BANK: Sparkasse IBAN: AT14 2025 6000 0189 3015 BIC: SPSAT21XXX
***
#Къонахалла​​​​​​​​​​​ #Яхь​​​​​​​​​​​ #Сий​​​​​​​​​​​ #НохчийнБайташ​​​​​​​​​​​​​​​​​​ #Нохчалла​​​​​​​​​​​​​​​​​​ #Нохчий​​​​​​​​​​​​​​​​​​ #Ичкерия​​​​​​​​​​​​​​​​​ #ЧеченскиеСтихи​​​​​​​​​​​​​​​​​​ #Чечения​​​​​​​​​​​​​​​​​​ ​#Чечня​​​​​​​​​​​​​​​​​​ #Чеченцы​​​​​​​​​​​​​​​​​​ #НохчийМотт​​​​​​​​​​​​​​​​​​ #Кавказ​​​​​​​​​​​​​​​​​​ #Свобода​​​​​​​​​​​ ​​​#Маршо​​​​​​​​​​​ #Даймохк​​​​​​​​​​​ #Г1иллакхОьздангалла​​​​​​​​
***
Сан FSB-ук ю : Ärsbin Abu-Bakr
Ларамца (с уважением)
Каналан ÖRDIN NAHAR Урхалла (Администрация)

Видео САМУОНАН ИЭСЕ.(к пробуждению памяти) Аьрсбин Абу-Бакр канала ŐRDIN NAHAR
Показать
Комментарии отсутствуют
Введите заголовок:

Введите адрес ссылки:

Введите адрес видео с YouTube:

Зарегистрируйтесь или войдите с
Информация о видео
29 декабря 2021 г. 22:01:05
00:05:20
Яндекс.Метрика