Загрузка страницы

Марнанна лерина дешнаш ❤️

Мама!‎
Декъалъян, дош ала хьо сайна хиларна!
Хьо санна адамаш дахарехь хилча,
Хетало дуьненчохь малх сирла лепаш!
Хьайх ала довха дош хийла ахь дуьту.
Орцаха яла Хьо даим ю кийча.
Олу дош довха ду, бала д1аойуш.
Доггаха еза Хьо, йоцуш цхьа шалхо!
Хьан дагах дог дустуш, хьан накъост хир ю.
Дог ц1ена Хьо хилар, и сийлахь ду суна.
Дийнахь а, буса а муьлххачу хенахь,
Хаалахь со хьан йо1, кхочур ю хьуна!
Даггара декъалйо Хьо йинчу денца!
Мама хьан могшалла даима хуьлда!
Хьуна мел лиънариг кхочуш хуьлийла!
Хазахетарша даима хьан дог хьоьстийла!
зн,
Тхо бахьнехь халахетар цкъа а ца хуьлуш,
Дикачу ойланийн аьхналлех ийна,
Хьо тхуна, тхо хьуна дехийла ирсе!
Йо1ана декъал хила, дуьненахь кхин х1ун оьшу?
Муьлхха а нус хьоьгур йолуш ю, мама Хьо!
Аллах1а сох бина къинхетам бу Хьо, Мама!
Вай Дала хьоьстийла хьан жима дог, Мама! Сан дег1ехь са мел ду, Мама,
Со хьуна йо1 даима, хир-кха Мама!
Декъала хуьлда Хьо, сан хьоме МАМА!!!
Хьайн лаамаш- сатийсамаш кхочуш хьан хуьлда!

Видео Марнанна лерина дешнаш ❤️ канала «Майртупская СШ№2» Класс.рук.Атакаева А.М.
Показать
Комментарии отсутствуют
Введите заголовок:

Введите адрес ссылки:

Введите адрес видео с YouTube:

Зарегистрируйтесь или войдите с
Яндекс.Метрика